ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минаш тIехь лилхина, белла Азербайджанан журналисташ


Азербайджанерчу Кельбаджаран кIоштахь минаш тIехь лилхина, белла шайн белхан декхарш кхочушден журналисташ. АПА-с яздарца, и хаам бина ЗАО "Азербайджанан телехьожийлан а, радион а" пресс-секретаро Этибар Нигяра.

AzTV каналан оператор Абышов С1982 ш) велла.
Иштта белла AzTV -н режисссер Мамедов Эмиль а, автобусан урхалла дириг а, меттигера вахархо а. Хиллачу бохамехь яьккхина видео Iораяьккхина AzTV канало.

Стохка Лахьан-беттан 25-чохь дуьйна Азербайданан контролехь яра Кельбаджаран кIошт, Ломанан Карабахехь тIемаш совцош кхаа а агIонан барт хиллачу тIаьхьа.

Хьалхо дийца даьккхира, Азербайджано Европерчу адамийн бакъонинй кхеле арз дахьийтарх, минаш ехкинчу майданийн карта шайга кхачон Эрмалойчоьно дуьхьало ярх.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG