ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТаIзар стенна до кхеташ дац". Муьлш, хIун дича лору экстремисташ?


Красно Андрей

Оьрсийчоьнан низам Iалашдечу урхаллаша а, кхелаша а дукха хьолехь экстремизмаллина бехкебо ларамза къастийна бахархой. Туапсе гIалахь экстремистийн васт нахана гайтарна гIуда тоьхна вахархочунна - бархI са болу седа а биллина, оцу чу нардаш юхку ша, аьлла, реклама яржорна. Набахтерчу тутмакхийн васт ду боху иза.

Къилбаседа ХIирийчохь айдина бехктакхаман дов ковид-диссидентна дуьхьал, ерриг а Оьрсийчохь репрессеш ю еш Иеговн Тешашна, церан дин «экстремизмалле» а лоруш.

Экстремизм лору бехкаш дуккха а IаьIна бехктакхаман а, административан а кодексашкахь – оцу могIарахь ю дегIа тIехь хааелла свастика-тату а, 2000-чу шерийн юьххьехь арадолуш хиллачу "Сторожевая Башня" журналан ларамза чохь нийъелла номер а, Iедална критика яр а.

Таханлерчу Оьрсийчохь стенах олу экстремизм, цуьнца а дузуш Къилбаседа Кавказехь листинчу девнех, "Советан пачхьалкхан бахархойх", Иеговн Тешех лаьцна, Iедало тIекхоьхьучу бехкех муха Iалашвала веза дийцаре дира Кавказ.Реалиин корреспондента информацин-аналитикан "Сова" центран экспертца Юдина Натальяца.

– Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 282-гIачу артикло ("Цабезам я мостагIалла гIаттор, адам сийсаздар") къастош болу бехкаш мел дукха-кIезиг тIехьерчийна бахархошна?

– 2018-чу шарахь и артикл криминалан бехкийн могIара яьккхина. ХIетахь прехидента Путин Владимира, административан бехкаш юкъа а бохуш, ши омра арахецарца криминалан могIарара яьккхира и артикл. Оцу бахьаница административан кодексехь гучуелира керла артикл, 20.3.1 ("Цабезам я мостагIалла гIаттор, адам сийсаздар"). Иза юьззина бехктакхаман кодексех хиллачу артиклан маьIнехь ю, амма тIетоьхна: "нагахь санна даьлларг бехктакхаман бух боцуш делахь". Цуьнга хьажжина, хьалха санна болхбеш хир ю Бехктакхаман кодексера артикл.

Экстремизмана дуьхьалояр шорлуш ду ФСБ-н карахь, шен болх кхераме ларалуш долчу зуламашна тIехьажийна хиларе терра

Административан кодексерчу артиклца 10-20 эзар соьмашна гIуданаш детта наханна, я белхашка хьийсабо уьш I00 сахьтанна, я 15 де-буьйса даккха чубухку. Нагахь санна оцу артикло дуьйцу сакхт адамера шера чохь шозлагIа а даьлча, Бехктакхаман кодексера 282-гIа артикл йоккху цунна дуьхьал.

ЖамI – буьйцучу бехканна нах набахтешка хьийсор дуккха а лахделла.

Амма олийла дац ишта экстремизме а (Бехктакхаман кодексан 280 артикл), терроризме а (Бехктакхаман кодексан 205.2 артикл) кхайкхарна набахтешка хьийсийначех лаьцна. Оцу бехкашна чубоьхкинчу нехан терахь лах ца делла, лакхадаьлла хила а тарло. " Терроризм къобалъяр" боху кхетам шорбелла. И ший а артикл полицин долахь яц, долахь ю ФСБ-н. Экстремизмана дуьхьалояр шорлуш ду ФСБ-н карахь, шен болх кхераме ларалуш долчу зуламашна тIехьажийна хиларе терра. Иштта совъяьлла цо адамашна дуьхьалйоху къизалла а.

– "Экстремизм" терминан маьIна хийцадалар, кхиар муха нисделла?

– Дуьххьара и дош-кхетам юкъалоцуш низам араделира 2002-чу шеран Товбецан-беттан 25-чохь - "Экстреимизмаллечу жигараллина дуьхьалояр". Оцу низамо хьоьху "экстремизман жигаралла" терминан а, цуьнца дозаделлачу "экстремистийн цхьаьнакхетаралла", "экстремизман материалаш", " экстремистийн цхьаьнакхетараллин васташ" дешнийн а маьIнаш.

"Экстремизм" олу кхетам къаргбеш, шорбеш низамаш арадийлина 2006-чу, 2007-чу и 2012-чу шерашкахь. Оцу юкъабогIу ницкъаша конституцин хIоттам бохо гIортарна, терроризманна тIера охьа керта тIехь свастика йилларе, интернетехь видео репосте яккхарна тIекхаччалц болу бехкаш.

– Оьрсийчоьнан ницкъхоша, кхелаша экстремизм лору бехкаш а, лара бух боцу бехкаш а вовшех къастош доза дан а дуй?

– Дац и доза. Пачхьалкхо ца йо ша нехан некъаш, гIуллакхаш дехка декхаре, амма ло шена и бакъо. Шена оьшу аьлла хеттачу хьолехь пайда а оьцу оцу шен бакъонах.

– ТIаьххьарчу хенахь ницкъхоша экстремизм, терроризм тIе а хьарчайой, лоьцучу нахалахь Оьрсийчоьнан бахархой хилла ца Iаш, Юккъерчу Азера а, Украинера а мигранташ хуьлу. Стенна ду иза ишта?

– Мигранташ леца аьлла хIоттийна Iалашо яц. Статистика мухха а елахь а. "Хьизб ут-Тахрир" я "ТаблигIи джамаIат" тобанаш магош яц, ткъа лоьцучу мингранташлахь церан декъашхой алссам хуьлучух тера ду.

экстремизм арахьара чудеъна зулам ду бахар – иза официалан фантазин тIаьхьало ю

М.К.У. («Ах хIаллакбаран ламастан маньякаш") цхьанакхетаралла Iорайоккхуш кхоьллина туьйранаш саннарг ду Украинаца йолу зIенаш бехкеяхкар а. Делахь а йолуш ю и тайпа бехке зIенаш а – масала, Одессера схьаваьллачу Пирожок Игора "Правый сектор" боламе нах лехьр санна.

Делахь а, экстремизм арахьара чудеъна зулам ду бахар – иза официалан фантазин тIаьхьало ю.

– Мессенджераш юкъайовларо хIун хийцамаш беъна экстремистийн боламашка а, цаьрца Оьрсийчохь латточу къийсамашка а?

– Къоначу экстремисташна кхин а цхьа коммуникацин некъ баьлла мессенджераш яржарца, дукха хьолехь цигахь гулло кегий нах. Уггаре яьржинарг ю, суна хетарехь, телеграм. Массо а тобанел кIоршаме йолчу, ницкъбар дезачу тобанийн меттиг ю даркнет.

Вукху агIор, информацин кхерамзалла сов лакхара а яц дукхайолчу мессенджерийн. Иза гойту Касперскийн лабораторин талламаша. Оцу мессенджераш чу кхачало низам лардийраш а. Телеграм-тобанашна юкъа къайлахчу сервисийн белахоша провокацеш туьйсуш дуккхаза а хааделла. Евзаш йолчу мессенджерашкахула яздинчу хIуманашца тIехула дукха бу чубоьхкина нах кху тIаьххьарчу шина шера чохь.

– Дукха хан йоццуш ницкъхоша шаьш иттаннаш кегийрхой лецна, бохура, Краснодар-махкара а бара царалахь. Уьш бехкебо М.К.У. тобанехь хиларна. Кхузахь коьрта бахьана дуй и болам кхоьллинарг Украинан вахархо Краснов Егор хилар?

– Долуш ду иза, дуккха Оьрсийчоьнан гIаланашкара - царалахь ю Краснодар, Анапа, Геленджик - М.К.У. олучу радикалан тобан декъашхой лецна.

Украинера схьаваьллачу 21 шо долчу Краснов Егора кхоьллина боху иза – интернетехь Яковлев Егор аьлла ву иза. Наханна етташ, уьрсаш детташ йолу видео яржорца низамхойн тидаме велира иза. 2020-ра шо долалуш лецира иза Украинехь, Днепропетровскехь шен накъосташца цхьана урс а карахь жимчу стагна тIелетча.

Украинерчу машанах Оьрсийчуьра радикалаш цхьаьнабозар шеко йолуш го.

Тобан истори кегари болуш ю. 202I-чу шеран Дечкен-баттахь Рокот" а, "Кремлевская прачка" а цIе йолчу телеграм-каналаша хьахоллац евзаш а яцара и М.К.У. тоба.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, 2018-чу шарахь вовшахкхетта Оьрсийчохь М.К.У. тоба. Цуьнан Геленджикера а, Ярославлера а декъашхой, талламо бахарехь, тIелетта "маьттаза бехачу, тхов боцчу наханна", шаьш еттарш гойтуш телефонца яьхна видеош йохкуш хилла интернете.

Лецна нах муха бозабелла Украинерчу мазанах, кхеташ дац. Масала Воронежехь лецначийн хIун юкъарло ду Украинерчу тобанца гойтуш дац тоьшаллаш – цигахь лецначийн тобанехь карийна васташ-суьрташ ду националистийн "Русский корпус" боламан. Украинерчу машанах Оьрсийчуьра радикалаш цхьаьнабозар шеко йолуш го.

- 2020-чу шарахь гIарадаьллачу экстремизмах дов ду Къилбаседа ХIирийчуьрчу операн эшаръалархочунна Чельдиев Вадимна духьалдаьккхинарг. Цо коронавирус яц, нах изоляце хьийсо хьашт дац, аьллера. Стенна ю ковидах цатешар экстремизм?

– Масех ю и санна меттиг, пандемица доьзна экстремистийн могIара нах баьхна. Скандалаш яхарца вевзачу схиигуменна Сергийна (Романовна) гIуда туьйхира коронавирусах чьржина бохург бакъ дац, бохуш, даIваташ дарна. Сан кхетамехь, экстремизм олийла дацара цунах.

– Краснодар-мехкан Абински кIоштахь полицино "экстремизм " ю аьлла лоьраша шайн ковид-хьелашкахь белхаш барна ахча ца делла аьлла дина арз. Адамийн муьлхха а резадацар даккхало экстремизман могIара?

– Вайн низамаша сов шуьйра кхетайо экстремизм. Иза тIех сов шорбина кхетам бу аьлла хета суна.

– Шайн цIахь Библи Iамо гуллуш болу Иеговн Тешаш бу Оьрсийчоьнан къилберчу регионашкахь лоьцуш. Динан кхийолу цхьанакхетараллаш а леца йолор ю Оьрсийчохь?

– 2017-чу шарахь долийра экстремизмалле лоручу динан юкъараллийн декъашхой лецар. "Сова" центро харцо лору шайн дин массарел а тоьлу бохуш лела Иеговн Тешаш лецар. Оьрсийчохь ортодоксан керста динан кхечу гаранийн векалша а лору цара чIагIдийриг бакъ.

Вайн низамаша сов шуьйра кхетайо экстремизм. Иза тIех сов шорбина кхетам бу аьлла хета суна.

Шаьш Иеговн Тешаша дийцарехь, 462 декъашхочунна тIебаьхьна бехк, изоляторшкахь ву 54, цIера аравала дихкина ву 32. "Сова" центран информацица, деккъа цхьана 2020-чу шарахь бехктакхаме озийна оцу юкъараллера 110 стаг.

Царна бехкедийриг ду: ламазаш дина я ца дина, ешна я ца ешна брошюраш. Тоьшаллина тоьуш ду магийна йоцу литература ешна хилар. Яц цхьа а логика.

Дуьххьара набахте хьажош верг а къаставелла 2019-чу шарахь – 6 шарна набахте хьажийра Кристенсен Деннис. И саннарш алсамбевлира тIаьхьо, царна детта 6-7 шераш. Кхеташ дац, стенна етта кеп-кепар хенаш кеп-кепарчу регионашкахь. Меттигерчу прокуроран, кхелахочун я ФСБ-н хьаькаман дог-ойлане хьажжина нислучух тера ду иза.

– МогIарчу вахархочо хIун дан деза цIеххьашха экстремистийн могIара ца нисвала?

– Атта хаттар дац иза. Уггаре коьртаниг – социалан машанашкахь ларлуш хилар.

Цхьана тобано я адамо машанашкахь олучунна дуьхьал я иза къобалвеш эриг ойла а йина ала деза административан таIзарх ларлуш. Кхераме ду къаьмнаш, дин, пачхьалкх, мотт хьахош къестамаш хазор.

Уьш хьахош царна, церан ламасташна, васташна маьттазниг ала мегар дац.

Мегар дац пачхьалкхехь карчам хьашт бу бохучунна, сепаратизманна, терроризманна, дискриминацина тIетан, Iедална я харжамашна дуьхьалояр тIекаредан.

Мегаш дац интернетехула. Социалан машанашкахула дихкина долу васташ даржо – свастика, террорхойн байракхаш яржо.

***

Оьрсийчоьнан къилберчу регионашлахь экстремисташ Iорабахарца хьалхарчу меттехь ю Дагестан. Инарла прокуратуро бахарехь, стохка цигахь экстремизм яьржош гучудаьлла 69-зза. Хьалхарчу итт меттиг баьккхинчаралахь бу Краснодар-мохк – 20 экстремизмалле зулам хааделла цигахь.

Рейтингехь 11-гIаниг ю ГIалгIайчоь, 13-гIаниг – Адыгей, 17-гIаниг – Ставропол-мохк, иштта дIа кхиболу мехкаш а. Официало бахрехь, уггаре кIезиг экстремизм яьржина мохк бу 2020-чу шеран терахьашца Нохчийчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG