ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 23 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 314


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 23 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 314 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 12 велла, Ставропол-махкахь - пхиъ, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца велла.

Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 636 стаг.

Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь ун даьлларш Краснодаран кIоштахь, лахара терахь ду Адыгейхь.

Краснодар-мохк + 97 (48 910 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 77 (55 125)
Дагестан + 54 (33 868)
ГIалмакхойчоь + 20 (20 902)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 13 (24 396)
Кхарачой-Чергазийчоь + 12 (20 509)
Нохчийчоь + 12 (12 345)
ГIалгIайчоь + 12 (15 832)
Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (17 047)
Адыгей + 8 (14 714)

Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 ун гучудаьлларг ву 263 648 стаг. Ерриг Оьрсийчохь иза хаделла, Оперативан штабан Мангал-беттан 5-чу денна болчу хаамашца 5 117 274* стагехь.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG