ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даймахкана ямартло йина аьлла 8 шо хан тоьхна Ростовхь тIемагIуллакххочунна


Ростов гIаларчу тIеман кхело колонехь даккха бархI шо хан кхайкхийна тIеман декхарш кхочушдечу Кузьменко Татьянина пачхьалкхана ямартъяьлла аьлла. Цуьнан доьзалхочун 14 шо кхаччалц дIатеттина хан такхар. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам.

Бехк тIелаьцна Кузьменкос. Леринчу кепехь толлуш дара цуьнан гIуллакх.

Ахмедов Олег куратор волчу Украинерчу Херсонан тIеман иччархойн декъехь хилла ю Оьрсийчоьнан тӀемагӀуллахко Кузьменко. 2017-2018-чу а шерашкахь украинхошка дIакхачош хилла цо пачхьалкхан къайле йолу белхан хаамаш

Лакхарчу кхелан зерашца, 2020-чу шарахь Оьрсийчохь ворхI кхел дIаяьхьна падаймахканан ямартбовлар луьстуш. ТаIзаре хIиттийначу массарна а хенаш йиттира.

2003-чу шарера 2007-чу шаре кхаччалц шпионажалла лелорна 2015-чу шарера 2019-чу шаре гергга оццу артиклашкахь кхеле озийра 2 600 сов вахархо.

Къаьсттина дукха нахана таIзар дира пачхьалкхна ямартбевлла аьлла 2017-чу шарахь: хIетахь кхело сацамаш бира 645-н хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG