ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧIирхошна юкъахь маслаIат дина Веданан кIоштахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Некъан хьовзамехь Iоттабеллачу сингаттамехь нах а бойуш нисбеллачу бохаман шина агIонна юкъахь маслаIат дина Веданан кIоштарчу МахкатIехь. Яздо цунах лаьцна "Грозный информ" агенталло.

Оцу эвлара ши вахархо велира хьалхо луларчу Тевзанарчу Зулпухаровн карах хиллачу некъан бохамехь.

"Махкарчу динан урхаллан векалша эвсара болх барца и дов дерзон аьтто баьлла. ЗулпухаровгIарна гечдина веллачу шиннан гергарчара", -билгалдаьккхина Нохчийчуьрчу муфтиято.

Карладоккху, Нохчийчоьнан муфтиятехь вовшахтоьхна, болх беш комисси ю, чIирхошна юкъахь маслаIат лелош. Церан гIоьнца республикехь эзар сов доьзалийн барт бина, чIирца кхолладеллачу мостагIаллина геч а деш.

Кху шеран Дечкен-баттахь ГIалгIайчуьра ТимурзиевгIар-СултыговгIар бертабахара Нохчийчохь шайн наха тIе а летта, Соьлжа-ГIалахь белхан меттехь вийначу полисхочун гергарчаьрца. Барт бан шина тайпан хьалханчаш вовшахкхеттера Нохчийчоьнан парламентан цIийнехь.

Официалан версица, ГIуран- беттан 28-чохь вежарша ТимурзиевгIара, Хаьсана а, Хьусайна а тIелетта, уьрсаш диттинера ханехь лаьттачу шина полисхочунна, цаьргара герз даккха а гIоьрташ. Вийра 22 шо долу жимаха сержант Джабраилов Мохьмад, лазийнера цуьнца хилла шолгIа полисхо. Шаьш ТемурзиевгIар байъира тIелеттачохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG