ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу ЛГБТ-нахах яьккхинчу фильманна делла Британерчу академин совгIат


"Диканца догIийла Нохчийчу" ("Добро пожаловать в Чечню") цIе йолчу документалан фильм тоьлла Британерчу кинон а, телевизионан исбаьхьаллин а академин (BAFTA) гайтамехь, "Дуьненаюкъара" (International) номинацехь. Цунах лаьцна яздо "Настоящее время" портало BAFTA академин официалерчу сайтан хаамна тIе а тевжаш.

"Диканца догIийла Нохчийчу" фильм яьккхина Америкерчу режиссера Фрэнс Дэвида. Араелира иза 2020-чу шарахь. 2017-чу шеран Охан-баттахь Оьрсийчуьрчу "Новая газето" бовзийтинчу хиламех лаьцна ю иза.

Нохчийчоьнан Iедало репрессийн компани йолийра оцу муьрехь гей-божаршна а, лесби-зударшна а дуьхьал. Хьийзо баьхначу бIеннех а, царалахь байъинчу наха а яьккхина ю фильм. Цуьнан коьрта васташкахь бу Нохчийчуьра бовда гIерта кегий нах, царна гIодеш хьийза Оьрсийчоьнан ЛГБТ-юкъараллин белхахой Баранова Ольга а, Истеев Давид а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана НВО (Home Box Office) телеканална интервью луш дIахьедира, гей-нах хьийзош бац махкахь, аьлла. Цо бахарехь, ишта нах бан а бац Нохчийчохь. Ткъа жигархошкара йолчу информацино гойту махкахь гей-божарий а, лесби-зударий а бовш хилар, и нах, шаьш гучубовларна кхоьруш, даима а кхерамна кIел бехаш хилар.

2020-чу шеран Товбецан-баттахь Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс дIахьедира, Кремлан " "Диканца догIийла Нохчийчу" фильме хьажале хьалха листа дезаш дуккха а гIуллакхаш ду", аьлла. Путин Владимира "тIе ца оьцу пачхьалкхан агIор репрессеш еш ницкъаш бу бохуш бохку бехкаш", бохура Песковс. Амма президента "тидаме оьцу юсьтахтатта йиш йоцу Оьрсийчуьрчу къаьмнийн ламасташ, церан историн баххашца болу орамаш", элира Кремлан векало.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG