ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь Iазапна кIел латтош ву нохчийн батальонан бIаьхо, боху адвоката


Имам Ушармин (Шайх Мансуран) цIарах йолчу нохчийн лаамхойн батальонехь гIуллакх дина Гуцаев Iаьлви кхобу къизачу хьелашакахь, Iазапна кIел ала тарлуш. Иштта дIахьедар дина Гуцаевн адвоката Левадный Александра кхелан ладегIаршкахь.

2021 шеран ГIура-баттахь дуьйна Киевна 130 километр юьстах йолчу, ханна стаг чувуллучу изоляторехь латтош ву нохчо, боху адвоката.

"Итт дийнахь бен стаг чохь валлош а йоцчу изоляторехь ах ш оду иза кхобу, аьлла Левадныйс Киеверчу Шевченковски кхелехь къамел деш. Цо дийхира кхеле Гуцаев изоляторера дIахецар, билгалдаьккхира цуьнан кхо бер-кхиазхо хилар а, иза виллина Украинехь вехаш а, тIеман декъашхочун статус йолуш хилар а.

Амма кхелахочо Слободянюк Павела кхочушбина беккъа прокуроран лаам: шина баттанна дIаяхйина Гуциев лаьцна латтор волу хан, и хан цо, хIинццалц санна, йоккхур ю Киевна гергарчу цхьана изоляторехь.

Кхелехь Гуцаевна бехк тIехьош волчу прокурора Охрименко Сергейс, Кавказ.Реалиина ша йинчу комментарехь элира, низамо магош ду лаьцнарг талламан изоляторехь ца кхобуш, ханна нах лоьцучу изоляторехь кхаба, амма ца довзийтира цуьнан бахьана.

Левадныйна хетарехь, политикан бух болуш ду Гуцаевна Iедало тIеIаткъам бар. Цо бахарехь, Гуцаевн дог-ойла малъян, цуьнга бехк тIеэцийта гIерта талламчаш. Талор дарна бехкево иза.

Гуциевс махкарчу цхьана юристна зен динчух тера хета талламчашна – Украинан парламентан депутат лаьттинчу Микитась Максима лаккхарчу барамашкахь коррупци лелор толлуш гIаттийначу девнехь зен хилларг а ларало и юрист. Гуциевс стаг вадош а, машен лачкъош а, талор деш а дакъалаьцна боху талламо. Цуьнца цхьаьна зулам дина аьлла вуьйцу кхелех кхин ши нохчо а, Украинехь вина волу цхьа вахархо а.

Украинан санкцийн тептара язйина пачхьалкхан Кхерамзаллин а, мохк тIамах Iалашбаран а кхеташоно Гуциевн цIе. Оцу тептарахь болучарна доьхку Украине кхача, дIайоккху йолучаьргара цигахь баха елла бакъо.

  • Хьалхо хаам баьржира, Украинан президента Зеленский Владимира шен омрица тIечIагIдина санкцийн тептар, аьлла. Цуьнан могIаршкахь вара Ушармин батальонан буьйранча ЧIебарлойн Муслим а, оцу тобанера масех стаг а.
  • Имам Ушармин (Шайх Мансуран) цIарах йолу нохчийн лаамхойн батальоно дакъалаьцна Украинерчу тIемашкахь 2015- 2019 шерашкахь Мариуполь гIалина гонах (Донецк-мохк). 2019-чу шарахь батальоно официалехь охьадиллина шегара герз, амма лаьтта тIеман доза къасталучуьрчу базина гергахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG