ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь даьхкинчу догIанаша дестийна Шалажа-хи бердел лакхадаьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ца хеддаш даьхкинчу догIанаша дестийначу Шалажа-хино кхерамна кIел яьхьина Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кIоштара Катар-Юьрт а, ШаIами-Юрт а. Оцу хьокъехь хаам баржийна махкарчу прессо, Оьрцан министраллин Нохчийчуьрчу урхаллин пресс-векалтанна тIе а тевжаш.

Сийсара, Мангал-беттан 7-чохь, хи лахлуш хааделла, боху урхаллехь.

Шина юьртарчу бахархойн дакъошка а кхаьчна хи, къаьсттина Шалажна гергарчу хIусамашка, боху орцанхоша.

Нах чохь беха цIенош, гонахара кхийолу гIишлош ца тIадийна, ШаIами-Юьртахь хино дохийна тIай, аьлла бу орцанхойн пресс-векалтан хаам.

Орцан министраллин векалша дийцарехь, даккхий дIогIанаш дилхина Соьжа-ГIалахь а – цхьана вахархочун цIенна буха кхаьчна хиш, амма уьш дIадаьхна.

Хьостанаша дийцарехь, серло яйна хилла догIанаш доьлхучу муьрехь коьртачу шахьарна уллерчу Алдахь, амма иза сихха меттахIоттийна.

Нохчийчуьрчу орцан министраллин векалто хьалхо хаамбира бахархошка, кху беттан 6-чуй, 7-чуй деношкахь даккхий догIанаш а, ницкъала мехаш а хир бу махкахь, аьлла. Ишттта хаийтира хиш дестар дуйла а, лаьмнашкахь латтанаш текхар дуйла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG