ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 23 стаг велла коронавирусах. Цомгуш хилла - 276


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус шайца карийначу нахах велла 23 пациент. Цомгуш хилла кхин а 276 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, COVID-19 цамгар кхеттачу нахах Краснодар-махкахь велла 12 стаг, Ставропол-махкахь – 4, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь – шишша, Дагестанехь, Адыгейхь, ГIалмакхойчохь – цхьацца. Верриг а коронавирусах пандемин муьрехь уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь 10 683 стаг.

Уггаре дукха ду пандемин дараш Краснодар-махкахь, лахара – Адыгейхь.

  • Краснодар-мохк + 96 (49 103 пандемин ерриг хенахь)
  • Ставропол-мохк + 50 (55 248)
  • Дагестан + 53 (33 973)
  • ГIалмакхойчоь + 16 (20 933)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 13 (24 422)
  • Нохчийчоь + 13 (12 369)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 11 (20 534)
  • ГIалгIайчоь + 10 (15 852)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 7 (17 061)
  • Адыгей + 7 (14 730)

Таханенна, официало бахарехь, Къилбаседа Кавказехь 264 225 стаг ву шайца коронавирус хааелла. Ерриг Оьрсийчохь* - 5 135 866.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена юкъаоьцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG