ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЙоI яларца доьзна лаьцна хилла дагестанхо бехказваьккхина Москварчу кхело


Москварчу кхелехь бехккъасторхоша жоьпаллах мукъаваьккхина 20I8-чу шеран бIаьста пачхьалкхан дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн институтан (МГИМО) студент, Казахстанера схьаяьлла Байсафа Томирис ерна бехкевеш хилла дагестанхо Меджидов Муртазали. Дагестанехь премьер-министр лаьттинчу Меджидов Мухтаран воI ву иза.

Ялх бехккъасторхочух пхеамма жоьпаллах мукъаваккхарца, кхелан цIа чохь дIахецна Меджидов лаьцна кхобучуьра. Оцу хьокъехь ТАСС агенталле хаам бина адвоката Яндарбаев Шемала.

2018-чу шеран бIаьста 21 шо долу МГИМО-н студент Байсафа чуюьйжира институтан йоьалгIачу гIатан корах, елира дарбан хIусамехь масех де даьлча. Лечу хьоле иза кхачорна бехктакхам айбира йоIца доьшуш хиллачу Меджидовна дуьхьал. ТIаьхьо адам дерах болу бехк тIебаьхьира цунна талламчаша. Цхьана студента дийцинера, цо корах аратеттира йоI, аьлла. Цул сов, хьалхо йиттинера Байсафина, аьлла дара тешо дина даре. Цхьайолчу информацица, йоIна тIехьийзаш хилла Меджидов. Студент яларца доьзна ах шо даьлча баьхьина бехк дагестанхочунна тIе, лаьцна иза.

Казахстанехь гIарабаьлла бохам бара хилларг. Междидов лацарца доьзна йоьIан нанас баркалла элира Казахстанан презиентна а, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочунна а. Казахстанерчу омбудсмена дийхира Оьрсийчоьнан шен коллеге Москалькова Татьяне дов тергонехь латтор.

2013-чу шеран хьалхарчу ялх баттахь Дагестанан премьер-министр лаьттира Меджидов Муртазалин да Меджидов Мухтар. Хьалхо вице-премьеран а, мехкан депутатийн а даржашкахь Iийра иза.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG