Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан халкъан кхерамзаллин гIуллакхашкахула хьехамча волчу Салливан Джейка хаам бина журналисташка Джо Байденан Украинан президентца Зеленский Владимирца телефонехула хиллачу къамелан хьокъехь.
Ша хазахетарца кху аьхка КIайчу цIийнехь тIеоьцур ву Зеленский, аьлла Байдена. Украинан суверенитет ларъярехьа ву ша, аьлла Американ президента.
Мангал-беттан 16-чохь Женевехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентан а цхьаьнакхетарх йолу шаьшшиннан позицеш а йийцарейина Байдена а, Зеленскийс а, хаам бо Киевера Reuters агенталло, Украинан президентан хьехамчина тIе а тевжаш.
Хьалхо Зеленский Владимира дIахьидинера, Оьрсийчоьнан-Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн саммит хилале шена лаьара Джо Байден ган, аьлла. Оцу хьокъехь Украинан лидеро элира ша Америкерчу керлачу хаамийн Axios портална интервью луш.
Газан биргIа "Северный поток – 2" ("Къилбаседанера аса") проектна дуьхьал санкцеш ца хIитто сацам барца Цхьаьнатоьхначу Штатийн администрацино шена вас йина, ша муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а кийча ву и гIишло сацон езаш хиларх Байден тешо, аьллера Зеленский.