ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин президентна тIара тоьхна, иза нахаца къамеле волуш


Францин президентана юьхьа тIе тIара тоьхна Тен-ЛʼЭрмитаж коммуне вахначохь, иза бухарчу бахархошца къамел дан дагахь, дIахIиттийна лаьттачу турникеташна тIевахча. Инцидент иккхина Мангал-беттан 8-чохь Францин къилба-махбалерчу декъехь. Ши стаг лаьцна хилам бахьанехь, боху Le Figaro газето.

Инцидент хилла Москварчу хенаца 14-30. Делкъе ян Валанс гIала ваха кечлуш хилла Макрон. Амма ша вазвеш маьхьарий деттачу наханна тIевахана иза. Оцу юкъанна юьхьа тIе тIара тоьхна цунна баьццара коч а йоьхна, юьхьа тIехь маcка а йолуш лаьттачу стага. Мохь бетташ хилла цо: "ДIаяккха макронизм".

Хаам шорбеш бу

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG