ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бозуш боцчу кандидатех 100 эзар ву 15 шера чохь харжамашка цавитинарг


2007-чу шарера схьа Оьрсийчоьнан Iедало кеп-кепарчу харжамашкахь, тIе ца чIагIвеш, юьстахвитина возуш воцу а, "системех" йоцчу партешкара а 100 эзар гергга кандидат. Иштта ду "Важные истории" портало далийна терахь.

Иштта билгалдоккху цо Путин Владимир Iедалан коьрте хIоьттичхьана схьа харжамашкахь шаьш-шайггара хьалхатетталучу кандидатийн юкъара терахь цIеххьана лахделла хилар. 2003-чу шеран Пачхьалкхан Думин харжамашка шаьш-шайгара язбелла кандидаташ 60% хиллехь, 2016-чу шарахь бацара иштанаш 8% бен.

2007-чу, 2011-чу, 2016-чу шерашкахь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино хьалхатеттина100% нах баьхна кандидатийн могIара. 15 шарахь Харжамийн Коьрта комиссино "Iедалан партино" хьалхатиттинчу нахах кандидаташка ца язбеш, массо а тайпа харжамех юкъахбитина нах бац 1% бен.

"Важные истории" ресурсо билгалдаккхарца, Кремло шена товш боцу политикаш харжамашка ца бита лелош болу гIирс алсамбаьккхина тIаьххьарчу заманахь. Харжамашка кандидат ца вохуьйту, тIеэцначу низамашца а догIуш, юкъараллин мехаллех лаьцна харц информаци яржийнарг я митинге нах магийна йоцчу кепехь шозза кхайкхинарг. Ца язво кандидаташла экстремизмехь лору кхайкхам беш хаавелларг я цхьана Iедалхочунна ницкъ бан беза аьлла къамел даржийнарг.

Кху баттахь Путин Владимира омра арахецна экстремистийн ларалучу цхьаьнакхетараллица уьйрехь верг харжамашка кандидат ца язволуьйтуш. Оппозици тешна ю и гIулч Навальный Алексейна а, цуьнан Коррупцица къийсам латточу фондна а дуьхьал арахецна хиларх. ("Арахьарчу агентан" статусп язйина и фонд, язъян тарло кестта экстремистийн могIара а).

Масех тайпа харжамаш хир бу Оьрсийчохь – иштта Пачхьалкхан Думе а – Гезгмашин-Беттан 19-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG