ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIехь Iазап латторна компенсаци еш, 52 эзар евро дала кхачийна ГIалгIайчоьнан вахархочунна


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ECHR) 52 эзар евро дала кхачийна 47 шо долчу ГIалгIайчуьрчу Цечоев Мохьмадна шена тIехь гIелоярх лаьцна цо чуделла арз листинчул тIаьхьа бинчу сацамца. Оцу хьокъехь хаам баржийна оршотдийнахь бакъоларъяран "Мемориал" центр0 (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма иза реза ца хилла и статус шена тIеэца – Ред.).

2004-чу шарахь ша низамехь йочу тIемалойн тобанца цхьаьна Несарна тIелатарх даредина хилла цо – хIктахьлерчу тIематасадаларехь вийра 78 стаг, чевнаш йира 113-нна. Оцу деношкахь Цечоев балхахь нисвелла: Магасерчу "Монолит" цIе йолчу гIишлошъечу фирмехь хадеш хилла иза.

Оццу шеран Марсхьокху-баттахь ницкъхоша вадийна иза. Кхело бинчу талламо бахарехь, резаьнкин гIаж йиттина цунна доIах тIе, жаннех, коьртах, телатан тоьрмиг коьртах боьллина кхаьбна, ток йиттина дареш дохуш. Iазап юкъах а дохуш, шен накъостий бехка юкъаийзабойтуш, тоьшаллаш даха гIиртина цуьнгара. Ткъа документаш хIиттийна а ца хилла лацаран хьокъехь.

ТIахьо хиллачу кхело набахтехь такха I3 шо хан тоьхна Цечоевна. 2017-чу шарахь, ерриг а хан а текхна, араваьлла иза лаьцначуьра.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шен сацамца билгалдаьккхина адамийн бакъонаш а, коьрта маршонаш а ларъяран Конвенцин ши дакъа талхийна хилар: тIехь Iазар латтор, къизалла дуьхьалъяккхар а, иштта, адамна шена тIехь кхел нийсонца яйта йолу бакъо а.

"Оьрсийчоьнан Iедал бехке ду кхеле арздинчу стагна дуьхьал къизалла латтаяйтарна а, и хьал цаталларна а, ницкъаша даьхначу дарез кхелехь пайдаэцарна а", - аьлла бу Страсбурган сацам.

  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, тIемалой бу аьлла, жоьпе ийзийначу наха, дукха хьолехь, шайна кхел ечу хенахь дечу дIахьедаршкахь шайгара тоьшаллаш етташ даьхна олуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG