ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальная Дарьяга дIаделла Женевехь цуьнан дена кхачийна совгIат


Оппозиционеран Навальный Алексейн 20 шо долчу йоIа Навальная Дарьяс къамел дина Женевехь жигархойн форумехь. Шарахь цкъа гулло и форум, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин Кхеташонан рогIера гулам тIекхочучу муьрехь. Кхушара Организацин Кхеташоно гуллуш ю Женевехь Мангал-беттан 21-чохь, лаьттар ю Товбеца-беттан 15-чу дийнналц.

Набахтехь латточу Навальныйна делла Доьналлин совгIат схьаэцна барамехь Навальная Дарьяс. Цигахь йистхуьлуш цо иштта аьлла:

"Шуна гург со хила езаш яцара, сан да вара, амма иза Оьрсийчоьнан набахтехь ву. Шен шен дерриг а шераш дайъина коррупцица къуьйсуш, адаман маршонашкахьа, дешан паргIатонехьа къийсалуш, политикан гар даржош, протест кхайкхо йолу бакъо чIагIъеш, харжамашкахь дакъалаца адаман таро няккха гIерташ", - аьлла Навальнаяс. Цо бахарехь, и еза мехаллаш йоцуш йисина Оьрсийчоь.

Форуман хьалханчаша кехат хьажийна Навальный Алексейн нийсархочуьнга Волков Леониде, цара билгалдаьккхина, шаьш стенна делла Навлаьныйна совгIат : "нийсо а, адаман бакъонаш а къовсуш цхьанггехь хир йоцу майралла гайтарна".

  • Чиллан-баттахь Москвахь кхело сацамбира Навальныйна 2014-чу шарахь бозбуанчаллаш лелорна айдина бехктакхаман "Ив Роше" дов луьстуш тоьхна хан меттахIотто. 2017-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело теллира дов, сацамбира Навальныйна нийсонца ца йина кхел аьлла. Компенсаци елира цунна. Амма Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело нийса йина лерира цунна йина кхел, ца хIоьттира сацам хийца. Карарчу хенахь набахтехь ву Навальный, 3,5 шо хан тоьхна цунна колонехь яккха.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG