Нохчуьрчу информацин "Грозный-информ" агенталло Роспотребнажзоран республикерчу урхалле хаттар хьажийна поп-ит тайниган хьокъехь – доьху цуьнца ЛГБТ-боламан пропагандин битамаш зер.
ТIе пIелг таIийча тIера резаьнкин ноьдарчий "лелха" тайниг ю юьйцург. Психологаша стресс дIайоккхуш ловзор хьоьху иза. Арз дахьийтинчарна хетарехь, "лартIахь бац" тайниган беснаш: стелаIодан беснаш бу цуьнан – ЛГБТ-боламан байракхан санна.
"ХIора денна и тайниг ловзош долу бер цхьана зама яьлча кхетар душ а еххачу хенахь шена гергахь хилларг хIун ю, хила мегаш лорур ду иштаниг нахалахь. Хенан йохалла цо ловр бу ЛГБТ-болам а, ткъа иштаниг хуьлийтийла дац. Бусалба дино магош яц ЛГБТ-юкъаралла, мегаш яц иза нохчийн ламасташна а, цуьнан пропаганда, иза муьлххачу кепехь елахь а, ехка езаш ю", - боху "Грозный-информо".
Шен сингаттам хаамийн гIирсо бузу "интернетах пайдаоьцучу дуккха а нехан" сингаттамашца, нахана гейша а, лесбиянкаша а яржош йолу пропаганда карийна оцу тайнигца, боху агенталло.
- Кавказ.Реалиино дуккхаза а дийцина Нохчийчохь ЛГБТ-нах хьийзош, махкахбовлучу хьелашна хьалха хIиттош хиларх лаьцна. Амма генарчу мехкашкахь а ца карайо царна паргIато – кхерамаш туьйсу
- Деношкахь Британин кинон, телевизионан исбаьхьаллин академино коьрта совгIат делла Нохчийчуьрчу ЛГБТ-нахах лаьцна йолчу "Маьрша кхочийла Нохчийчу" цIе йолчу фильманна.
- Байначу баттахь гей-пропаганда яржайо Дагестанерчу цхьана школехь хIоттийначу спектакло аьлла даржийра интернетах пайдаоьцучара – балетехь духу кIайн кIархаш а когахь божабераш сцени тIедовлар дара цатайнарг.