ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къилбаседа Кавказан курорташа" кхеле делла телеграм-канал


Москвара арбитражан кхел реза ца хилла листа шен сий дожадо "kavkaz_leakbez" телеграм-канало хIоттийначу посто, аьлла, "Къилбаседа Кавказан курорташ" хьукмато (АО "Курорты Северного Кавказа") чуделла арз. Бахьане диллинарг дара шен могIаршкахь коррупци лела мессенджерехула алар.

"Къилбаседа Кавказан курорташна" шен репутаци талхош го экономика кхиоран министраллин агIор шех жоп луш хилла Бабич Михаил федералан тIеман-техникан юкъараллин урхалле дехьаваьлча а "кавказхойн бюджеташна" тIехиина Iан воллу, цо шена мутIахь болу даржхой битина курорташна тIехьажа, аьлла, яздар. Цул сов, корпорацино харц лору Францерчу "РОМА" компанигара ял яьккхина ("откаташ") бахар а, 4 миллиард соьмах лаьмнаш вовшахдузу машшийн некъаш оьцуш бозбуанчаллаш лелийна алар а. И тайпа бехкаш даха бух бац таханенна", - аьлла дара компанин арз.

Москварчу Арбитражан кхелан сайто гайтарехь, Зазадоккху-баттахь чуделла хилла арз, амма кху беттан юьххьехь кхелахочо листа ца магош, юьстахдитина иза. Бахьана: арз чуделлачу хьукмато ца теллина мила ву телеграм-каналан администратор, ца баьхьна цунна тIе бехк, бац ресурс жоп дала реза яц ала бух.

"Тхан ресурс гоьяьлла ю ала тарлуш ду (карарчу ханна канална язвелла ву I3 тысяч сов стаг, баттахь канале хьовсу миллионазза- редакцин билгалдаккхар). Кавказерчу пабликашкахь лидер ю паблик шен хьовсархошца а, хьехор къасточу рейтингашкахь а. Цундела гина яздинарг курортийн урхаллина а. Ду я дац тхан гIалат постехь – иза суна ца хаьа, цундела дац сан цунах лаьцна дийца а", - элира Кавказ.Реалиига kavkaz_leakbez каналан векала.

  • Охан-баттахь официалехь дIакъевлина "Къилбаседа Кавказан курорташ" а, "Курорт Эльбрус" а цхьаьнакхетараллаш. Церан бух тIехь кхоьллина курорташ кхиоран институт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG