ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера араваьккхинчу Гадаев Мохьмадна 18 бутт хан тоьхна набахтехь яккха


Францино Охан-баттахь депортаци йинчул тIаьхьа Нохчийчохь лаьцна латтош хиллачу Гадаев Мохьмадна цхьа шо ахшо хан тоьхна набахтин кIедачу хьелашкахь такха. Оцу хьокъехь хаам баржийна Мангал-беттан 9-чохь Европерчу нохчийн "Барт-маршо" цхьаьнакхетаралло.

Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело бина и сацам. Хилам бакъбина "Би-би-си" корпорацица къамел деш Гадаевн зудчо а.

Цо бахарехь, кхел вуно сиха йина, ладегIаршкахь хилла Гадаев Мохьмадан йиша а, Iедало тIевиллина адвокат а. Хьал тергалдеш Iийначу бакъоларъярхойх къайлах дIаяьхьина кхел.

Францехь дIадахначу шеран ГIадужу-баттахь, махкахь хьехьархо Пати Самюэль вийча, Iедало цигарчу нохчашна тIехь тидам чIагIбинчу муьрехь лецира Гадаев. ХIетахь бира иза махкахваккха сацам, амма иза юьхьанца юхабаьккхинера лаьцначунна коронавирус кхетарца доьзна.

  • Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIечIагIдеш.
  • Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йира цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.
  • Москва дIакхачийча, "Шереметьево" аэропортехь ФСБ-н белхахоша сацийна латтийра иза, адвокаташа а, юкъаралхоша а сахьташ дехира иза дIахецаре хьоьжуш.
  • Шен ваша вехачу Новый Уренгой дIа а хьажийна, цига дIакхаьчча лаьцна Гадаев.
  • Нохчийчохь Охан-беттан 10-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийра низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна бохура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG