ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Bellingcat: ФСБ-но дIовш делла хила тарло ши шо хьалха Быков Дмитрийна


Bellingcat: ФСБ-но дIовш делла хила тарло 2019 шарахь яздархочунна Быков Дмитрийна

Яздархочунна Быков Дмитрийна 2019-чу шарахь, иза Новосибирске вахна волуш, дIовш делла хила тарлуш ду ФСБ-но. Оппозиционер Навальный Алексей тергалввеш, цунна тIаьхьабевлла лелла къайлахчу сервисан эпсарш Быков тергалвеш а хьийзина. Иштта бу талламийн Bellingcat тобано а, Оьрсийчуьрчу The Insider ресурсо а шаьш зийнарг жамIе берзош бина хаам.

2019-чу шеран Охан-беттан 17-чохь Быков Дмитрий дарбан хIусаме виллира Уфа гIалахь – Новосибирскера кхаьчнера иза Башкортостане, новкъаваьлча дуьйна а хиллера могушвоцуш.

Фосфорах лаьттачу коьчалх ун далар гойту симптомаш карийра цуьнца лоьрашна, боху талламан авторша. Оццу могIарара дIовш "Новичок" деллара Навальный Алексейна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG