Оьрсийчохь баха ца лаьа цуьнан 23% бахархошна – 2013-чу шарахь дуьйна схьа, оццул лакхара хилла дац и терахь "Левада-центро" бинчу талламан, боху "Открытые медиа" портало.
Дозанал арахьа баха луучу нахах ах гергга бу 18-24 шераш долу кегийрхой, 33% - 25-39 кхаьчна бахархой.
Массарел кIезиг бу респонденташлахь дIабаха лууш 55 а, сов а шераш дерш церан 7% хийцаяланза ю дуккха а зама, билгалдоккху социологаша.
Пачхьалкхехь лов халонаш алссамъевлла нехан, иза ду терахьаш дестаран бахьана, боху "Левада-центран" директора Волков Дениса. Малхбале тоьлуш хетачу бахархойн терахьаш кхуьуш го цунна.
Пачхьалкхах йозуш йоцу, политикехь социологин, маркетинган талламаш бен Левада Юрийс кхоьллина хьукмат, "Левада-центр", 2016-чу шарахь арахьарчу агентийн статусе яьккхира Оьрсийчоьно. Амма цуьнца реза ца хилла центр. Дуккхаза а билгалдаьхна тергамчаша "Левада-центран" таламийн жамIаш Iедало бечу талламийн жамIашца галморзахдовлуш хилар.