ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чимаевс, Америкехь ша лата веза хан герга кхаьчча, "хадийна" Кадыровца долу юкъарло


Нохчех схьаваьллачу Швецин UFC латархочо Чимаевс, цхьанне а дагахь а доцуш, цIеххьана цIанйина шен инстаграм-агIо, дIахадийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца оцу машанехула лелийна "гергарло".

Чимаевс карлаяьккхинчу инстаграм-агIонан скриншот йовзийтина кхаарин дийнахь оппозицин 1ADAT телеграм-канало. Ресурсан админашна хетарехь, Кадыровна дуьхьал санкцеш яьхначу Америке ваха новкъа валале дина иза спортхочо: лата кечлуш, Лас-Вегасе вахана, октагоне валале, дегIан кеп меттаяло езаш ву Кадыровн фаворит.

Тергамчаша билгалдаккхарца, таханенна Чимаев интернетехь еа агIонца бен вац гергарло лелош: UFC-ца, цуьнан президентца Уайта Дэйнца, ша лата Iемаш леллачу Швецерчу шведского клуба Allstars клубца, Швецерчу thetagsweden агIонца.

  • Швецехь ша вехаш в UFC-н юккъерчу йозаллин латархочо Чимаев Хьамзата дIахьедира Инстаграмехула, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. Цул тIаьхьа Кадыровс, шен Чимаевца къамел хилла, иза спортехь вуьсувш ву, элира. ТIаьхьо Швецера Нохчийчу дIавигира UFC –н латархо Кадыров Рамзана.
  • 2020-чу шеран Мангал-баттахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхорна Кадыров Рамзан язвира санкцийн тептара. Кхочу санкцийн таIзар цуьнан зудчунна Кадырова Меднина а, шина йоIанна Iайшатна а, Каринина а. Америко доцуш, кхин а дуккха пачхьалкхаша язвина Кадыров а, цуьнан гонера масех даржхо а санкцийн тептаршка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG