ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийн Рублевках" видео яьккхарна хьийзочо арз дина Страсбурге


28 шо долчу Нохчийчуьра схьаваьллачу Нуханов Исламан цIарах арз чуделла Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Документ кечдина Страсбурге хьажо бакъоларъяран "Мемориал" центрерчу (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза ца хилла цуьнца. – Ред.) юристаша Агальцова Маринас а, Секретарева Натальяс а.

2019-чу шеран гурахь Нухановс ютьюбехула видео яржийра Соьлжа-ГIалин юккъера Кадыров Рамзанан гергарчийн а, гонан а хIусамаш гойтуш. Цул тIаьхьа вадийра иза шен цIера, кхаа кIиранах кхебира Соьлжа-ГIалин полицехь, шена дуьхьал дареш дайтира. 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь набахтехь яккха диъ шо хан туьйхира, герзаш а лелийна, ницкъхочунна тIе а летта, аьлла.

Европан кхеле деллачу орзехь боху, Нухановгара харцонца яьккхина маршо, Iазап латтийна цунна тIехь, адамийн бакъонех, маршонех йолу Конвенци а талхош.

"Нах идор, хьийзор – къаьсттина ширачу телефонашца ток еттар – иза шен балха тIехь яьржина лелош йолу кеп ю Соьлжа-ГIаларчу полицин буьйранчин Ирасханов Асланан. Иза хьалха Кадыров Ахьмадан полкан коьртехь вара, оцу полкехь наханна тIехь Iазап латтадо, низамехь доцу тIазарш до, аьлла билгалдаьккхира хьалхо Iазапна, адамна гIелоярна дуьхьалоечу Европерчу кхеташоно", - боху Мангал-беттан 9-чохь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле хьажийначу дIахьедарехь.

Нуханов Ислам бераллехь дуьйна бIаьрса эшна заьIапхо ву. Тюмень гIалина гергахь ваьхна иза шен зудчуьнца Мельник Еленица а, кIантаца Адамца а. 2019 шарахь шен бIаьргашна операция н квота еха Нохчийчу веъна иза. Квота ларъечу юкъанна шен нана йолчуш Iаш а волуш яьккхира цо "Муха веха Кадыров а, цуьнан накъостий а. Хьалхара дакъа" видео.

Лахьан-беттан 1-чохь вадийна Нуханов, цо дийцарехь, аьчка биргIа йиттина цунна, ток а йиттина, хиттина, стенна яьккхина видео. Цунна еттачохь хилла Соьлжа-ГIалин полицин буьйранча Ирисханов Аслан а, цуьнан хьалхара гIоьнча Тумхаджиев Iиса а. Нухановн етташ йисина ларш гина шолгIачу дийнахь полице валийначу цуьнан дена а.

Официалехь Нухановна бехкедира иза полице кисанахь ши патарма а болуш вахар. Ткъа шегара дареш етташ дехира, аьлла Нухановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG