Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла коронавирусца болчу пациентех 24 стаг, цомгуш хилла кхин а 289.
Уьнна духьалоечу оперативан штабан информацица, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 12 стаг, Ставропол-махкахь – 6, Дагестанехь – 2, Кхарачой-Чергазийчохь, Адыгейхь, Нохчийчохь, ГIалмакхойчохь – цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велларг ву 10 781 стаг.
Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре лахара – Адыгейхь.
- Краснодар-мохк + 100 (49 495 ерриг а хенахь)
- Ставропол-мохк + 59 (55 480)
- Дагестан + 46 (34 166)
- ГIалмакхойчоь + 21 (21 008)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 13 (24 474)
- Кхарачой-Чергазийчоь+ 11 (20 580)
- ГIалгIайчоь + 11 (15 898)
- Нохчийчоь + 11 (12 408)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (17 095)
- Адыгей + 8 (14 764)
- Тханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхеттачех ву официалехь 265 368 вахархо. Ерриг Оьрсийчохь и терахь кхаьчна Мангал-беттан 11-чохь, оперативан штабо бахарехь, 5 180 454-нне*
*РОьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал а.