ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебартой-Балкхаройчуьрчу кхиазхочо бехк цабиллар дехна Кадыровга  


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

ГIебартой-Балкхаройчуьрчу кхиазхочо къинтIера валар дехна шена Нохчийчоьнан кьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Бахьана ду цо Iедалхо сийсазвеш дийцинарг.

"Масех де хьалха ас видео яьккхинера, дица мегар доцург дуьйцуш Кадыров Рамзанах. Иштта лела мегар дацара со сайлла воккха волчу стагаца. Со кхетта сой харц хиларх, сайна бехк цабиллар доьху ас", - боху кхиазхочо социалан машанашкахь гучуяьллачу видео тIехь.

  • Хьалхо дийцина ма хиллара, республикал арахьа йолчу нохчийн диаспорашкахь нах бу, Нохчийчоьнан куьйгалхошна а, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а хIуманаш дийцарна дуьхьало ян декхарелахь бина.
  • Стигалкъекъа-баттахь Пермь гIаларчу кхиазхочо Кадыров Рамзане дийхира шена цунах ша "шайтIа" аларна къинтIеравалар. "Къурд" олуш яьккхина видео ю нохчийн инстарам-каналашкахула лелаш.
  • Хьалхо Тик-Токехь жимчу стага видео яржийра Москвана гергахь вехачу шен нийсархочун-дагестанхочун, деношкахь гергарчара Кадыровга къинтIеравалар дехначу кIентан агIолоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG