ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин буьйранча бакъвинчу кхелахочун дов хоттур ду Дагестанехь


Дагестанерчу Ахты кIоштан кхелан куьйгалхочунна дуьхьал айдина гIуллакх, листина а даьлла, кхаьчна кхеле. Иза бехкево шегарчу даржах низамехь боцу пайда эцарна, хаам бина Талламан комитетан республикерчу урхалло.

Талламан версица, 2015-чу шарахь цо бакъвина кхелехь Ахты кIоштан полицин куьйгалхо. Важа бехкевеш хилла мелла хаавеллачу шен белхахочунна еттарна.

Кхелахо дуьхьалоян гIоьртина, ша бинчу сацамна дуьхьал арз лакха хьала ца дохьуьйтуш. Цо оцу Iалашонца 2017 шеран Iай доцу кхелан документаш хIиттийна, кхелан сацам хуьйцуш, боху Дагестанерчу Талламан комитетан урхаллехь. Оцу кепехь некъ бихкина сацамна прокуроран кассацин арз дуьхьалдаккхийта.

  • Сочерчу Хостински кIоштан кхелахо хилла, хIинца адвокат волу Новиков Дмитрий озийна жоьпе 4 миллион сом кхаъ дIалуш юкъарло лело гIортарна.
  • Стигалкъекъа-бутт боьрзуш шегара дарж охьадиллина Краснодарерчу Октябрьск кIоштан кхелан куьйгалхо лаьттинчу Байрак Геннадийс. Зазадоккху-баттахь лецира иза 2,5 миллион сом кхаъ оьцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG