ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу криминалан авторитетан дов кхеле делла Новосибирскехь


36 шо долчу, Нохчийчуьра схьаваьллачу Бай шех олучу Солтанов Бай-Iелин бехктакхаман гIуллакх кхеле кхачийна Новосибирскехь. Зуламхойн тIегIанашкахь лаккхара меттиг кара а эцна, криминалан авторитетан гIуллакхаш дIалелорна бехкево иза.

Талламан версица, 2020-21-чу шерашкахь "криминалан тобанашкахь лахара статус йолу нах шен куьйга кIел берзо гIерташ, царна тIе цхьацца омранаш дохкуш, зуламе ламасташ даржош, криминалан девнаш дерзош, нахана тIеIаткъам беш лелар" бехкедо Солтахановна Бай-Iелина, Новосибирскан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-центро бахарехь.

Амма "Новосибирск-онлайн" портало дийцарехь, Бай ца хилла «къуйн эла» - "авторитетехь йолу кхин агIо" лелийна цо.

" Новосибирскан махкахь тIехьажархочу "статус цунна елла "къуьйн эла" волчу криминалан авторитета Домбаев Ахьмада (Ахмед Шалинскийс) ", - яздира портало хьалхо, меттигерчу ницкъхойн урхаллина тIе а тевжаш.

Цо бахарехь, Новосибирскан регионехь Байс "коьллинера, тергонехь латтош яра тутмакхашлахь леллачу нехан юкъара касса, ахча дIасахьажор а, тутмакхийн тобанашкахь "низам" латтор а, церан юкъаметтигаш дIанисъяр а дара цуьнан карахь".

  • 2006-чу шарахь цхьамогIа талораш дарна таIзар дина ву Солтаханов: шен накъосташца цхьана нах бехачу хIусамашна тIелетарш деш хилла цо, мел лаххара а 18 стаг хилла цуьнан тобанехь, шайлахь милицехь а, антитерроран центрехь а белхаш бина нах а болуш, яздора "Известия" газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG