ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла уьнах 25 стаг, цомгуш хилла кхин а 291


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 пациент, цомгуш хилла кхин а 291.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабаан хаамца, Краснодар-махкахь кхелхина COVID-19 цамнарх 11 вахархо, Ставропол-махкахь – 6, Дагестанехь, Къилбаседа ХIирийчохь, Кхарачой-Чергазийчохь – шишша, Адыгейхь, ГIалмакхойчохь – цхьацца.

Веррига а коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 10806 стаг. Уггаре дукха нах белла уьнах Краснодар-махкахь, лахара ду и терахь Адыгейхь.

  • Краснодар-мохк + 102 (49 597 пандемин ерриг хенахь)
  • Ставропол-мохк + 60 (55 540)
  • Дагестан + 44 (34 210)
  • ГIалмакхойчоь + 20 (21 028)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 13 (24 487)
  • ГIалгIайчоь + 13 (15 911)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (205 93)
  • Нохчийчоь + 10 (12 418)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 10 (171 05)
  • Адыгей + 9 (14 773)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь шайца коронавирус хааелларг ву, официало бахарехь, 265 659 стаг. Оьрсийчоьхь и терахь ду 5 193 964.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG