ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кисловодскан мэр скутер тIера охьакхетта. Реанимацехь ву


Ставропол-махкарчу Кисловодск гIалин мэр Курбатов Александр некъахьовзаме нисвелла шен скутерца дIасалелачу юкъанна. Операци йина цунна, лоьраша кхераме лору цуьнгара хьал.

Кисловодскан мэрна хилла хьовзам бовзийтина Ставропол-мехкан губернатора Владимиров Владимира шен инстаграмехула, "чIогIа вон охьакхетта иза электросамокат тIера", аьлла. Социалан машанашкахула сурт даржийна хилам гойтуш – скутер ю Iуьллуш, цIийш ду некъа тIехь.

"Кисловодскан мэраца нисделлачо юха а гойту Оьрсийчохь шалхенаш лелаш хилар. Машенашца дерриг ду иза. Цхьаболчу машенлелорхошна цхьа лимит ю чехкаллин, депутатшна, хьаькамашна, прокурорашна, ницкъхошна – кхин лимит. Iедалерчу нахаца кест-кеста нислуш го вайна иштаниг", - элира Кавказ.Реалиига Краснодарерчу гIалин дахар тодарехьа йолчу юкъараллин цхьаьнакхетараллин фондан куьйгалхочо Трудик Константина.

Цунна хетарехь, гIаланаш чохь чехкалла 50 км/сахьт доза хила деза машенашна а, скутершна а, мссо а транспортна а хIоттийна, ца беза оцу юкъара бохуш, пьттонаш бан цхьана а тайпа хьаькамашна.

Оьрсийчоьнан къилберчу мехкийн цхьайолчу гIаланашкахь хIинцале а ду и тайпа дозанаш къестош. Масала, Мангал-бутт болалуш Краснодарерчу цхьайолчу паркашкахь доьхку электротранспортана 15 км/сахьтал чехка лела. Анапехь а, Геленджикехь а бу и тайпа бехкамаш хIордан йистошца.

Мангал-беттан 13-чоь дуьйна 10 км/с ю Сочехь магош йолу скутерийн чехкалла, ханна мехах уьш дIасаекъарна доза тухур ду, гIали чохь 1500 бен хила ца магош.

"Интерфаксо" бечу хаамца, хIинца а халчу хьолехь реанимацехь ву Курбатов.

  • ТIекхача аьтто болчу хьасташа бахарехь, 50 шо долчу Курбатовс чекхъяьккина Ставрополехь медицинан институт а, Белгородехь технологийн академи а. 1999-чу шарахь болх бина Ставропол-мехкан Iедалан аппаратехь, 2005-2008 шерашкахь лаьттина мехкан къинхьегаман министран гIовс, цхьана ханна Iийна Ставрополан вице-мэран даржехь. 2015-чу шарахь хаьржина Кисловодскан мэр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG