ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса коронавирусах 23 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 292


Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 23 пациент, цомгуш хилла кхин а 292.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 12 стаг. Ставропол-макхаь уьнах кхелхина – 5, Дагестанехь, Адыгейхь – шишша, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIалмакхойчохь – цхьацца.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 829 стаг.

Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг – Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а.

  • Краснодар-мохк + 104 (49 701 ерриг хенахь)
  • Ставропол-мохк + 62 (55 602)
  • Дагестан + 46 (34 256)
  • ГIалмкхойчоь + 21 (21 049)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 13 (24 500)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 12 (20 605)
  • ГIалгIайчоь + 9 (15 920)
  • Адыгей + 9 (14 782)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 8 (17 113)
  • Нохчийчоь + 8 (12 426)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 265 951 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 208 687.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG