ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа-ХIирийчуьрчу министран вешин карах жимстаг велла


Къилбаседа ХIирийчуьрчу юьртбахаман министран Вазиев Казбекан вашас, Вазиев Эльбруса 19 шо долу велосипедахь воьду жимстаг вийна, тIе машен тоьхна. Mash телеграм-канало яздо цунах лаьцна хаам. Некъан бохам Iоттабелла карарчу беттан 12-чохь Транскам цIе йолчу федералан трасси тIехь.

Ford машенахь воьду Вазиев ца кхиъна машеннна урхалла дан, галваьллачу цо некъан йисттехь вогIучу велосипедхочунна тIетоьхна шен машен, хаам бина Къилбаседа -ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Машенлелорхо лаьцна ву, дIахьош таллам бу оцу инцидентна гонах.

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун Битаров Вячеславан ваша бахьанехь инцидент хилира ГIуран-беттан 12-чохь ГIебарта-Балкхаройчохь. Кавказ.Реалиин хьостано чIагIдарца, шен Toyota Land Cruiser 200 машенца дуьхьал оьхучу машенийн асане ваьллачу Битаров Казбека "ВАЗ-2107" машенах тоьхнера шен автомобиль. ДуьхьалйогIучу машенахь хилларш белла: да а, нана а, церан жима ши бер а. Жим-тIама лазийнера Битаров а, цуьнан хIусамнана а.

Некъан бохам хиллачу шолгIачу дийнахь дIабоьхкира белларш. Оцу юкъанна тезетахь тхилира Къилбаседа-ХIирийчоьнан муфтий. ТIаьхьо дIакхайкхийра цо, байинчийн цIийнах болчийн цхьана а кепара претензеш яц БитаровгIаьрга аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG