Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 22 пациент, цомгуш хилла кхин а 293.
Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 11 стаг. Ставропол-макхаь уьнах кхелхина – 4, Нохчийчохь а, Адыгейхь а шишша, Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а – цхьацца.
Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 853 стаг.
Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь.
Краснодар-мохк + 105 (49 806 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 58 (55 660)
Дагестан + 50 (34 306)
ГIалмкхойчоь + 18 (21 067)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 13 (24 513)
Кхарачой-Чергазийчоь + 14 (20 619)
ГIалгIайчоь + 10 (15 930)
Адыгей + 8 (14 790)
Къилбаседа ХIирийчоь + 7 (17 120)
Нохчийчоь + 10 (12 436)
Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 266 244 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 222 408* .
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.