ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбурго листа тIеэцна "Свобода" радионо Оьрсийчоьнан Iедална дуьхьал чуделла арз


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листа тIеэцна Оьрсийчуьрчу аудиторина информаци латточу "RFE/RL" ("Радио Маьрша Европа/Радио Маршо") медиакорпорацин а, цуьнан инарла директоран Шарый Андрейн а арз. "Арахьарчу агентех" долчу Роскомнадзоран омрано тIедожийна ма-хиллара, шен материалашкахь маркировка ян "Радио Свобода" а, корпорацин кхин проекташ а реза цахиларна деттачу гIуданийн хьокъехь ду арз. Корпораци тешна ю ишта низам шена дуьхьалдаккхаро адамийн бакъонашкахула йолу Европан конвенци талхош хиларх.

2021-чу шеран Дечкен-баттахь-Стигалкъекъа-баттахь Роскомнадзоро кхеле хьажийна "Радио Маьрша Европан/Радио Маршон" проекташа маркировках долу омра талхорна хIоттийна 520 протокол, ткъа Мангал-бутт юккъе кхачале кечдина кхин а 130 гIуданех долу протокол. Кхелан хьалхарчу инстанцино бинчу 300 гергга сацамашца диттинчу гIуданийн барам бу 140 миллион сов сом.

Оьрсийчоьнан Iедал хаамийн гIирсех долу низамаш дохош хилар а хоуьйтуш, шена диттинчу гIуданашна дуьхьал аьрзнаш хьежийна "RFE/RL" медиакорпорацино а, цуьнан инарла директора а кхелашка, амма цара юхаяьккхина чуелла 150 сов аппеляци. Кхелан пурстоьпаша документаш кечдина кхелийн сацамаш кхочушбан, къевлина Оьрсийчуьрчу банкашкара "Радио Маьрша Европан/Радио Маршон" аккаунташ.

"Радио Маьрша Европа/Радио Маршо" медиакорпорацин президента Флай Джейми массийттазза дIахьедина, Радионо шен болх сацор бац Оьрсийчохь, аьлла: "RFE/RL-о, тхан цхьана журналиста ма-аллара, Оьрсийчохь болх бийр бу цуьнан бахархой "бакъдоцчух цаболийта, аьшпашкахь баха ца бита", цуьнан дуьхьа цо кхачабо Оьрсийчу бакъболу хаамаш, массо агIор теллина йолу информаци. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо лучу гранташца болх бечу "Радио Маьрша Европанна/Радио Маршонна" болх бан паргIато ло иза шен чоьхьарчу низамаша Iалашъеш хиларо, доьхку арахьарчу ницкъашна шен журналистийн балха юкъагIерта – цуьнга хьаьжжина, бац уьш цхьана а Iедалан арахьара агенташ".

RFE/RL-н орзаца цхьаьна чуэцна кхело 2019-чу шарахь The New Times газето, цуьнан коьртачу редактора Альбац Евгенийс дина арз – арахьарчу хьасто финансаш шега ялар хеннахь цахаийтарна 22 миллион сом гIуда туьйхира газетана. Ший а арз цхьаьнатоьхна луьстур ду Европан дамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Иза хир ду Страсбурго Оьрсийчохь хаамийн гIирсашна "арахьарчу агентан" статус яла йолийча луьсту дуьххьара дов.

Кхело дов листа тIеэцаро нийсонехьа дог-ойла айина The New Times газетехьа Страсбургерчу кхелехь тоьшалла дечу Хаамийн гIирсийн бакъонаш ларъяран центран ("арахьарчу агентийн" тептарахь ю и хьукмат) директоран Арапова Галинин. “Вуно мехала ду и ши дов цхьаьнатоьхна листар. Уьш дозу Оьрсийчоьно цхьана махкахь хилла доцчу кепара хаамий н гIирсашна гIуданаш деттарца, журналисташна, арахьара ахча луш хиларх бахьана а дина, таIзарш дарца", - боху цо.

Европан адмийн бакъонашкахула йолчу кхело приоритет къастийна дина орзанна. Юхьанцарчу хаамаша гайтарехь, тIедогIучу шарахь сацам арабер бу. Оьрсийчоьнан позици оцу вовшаштоьхначу девнехь йовзуьйтуш хир ю пачхьалкхан Инарла прокуратура. Орзан документаш довза а, хетачун хьокъехь яздан а хан елла Оьрсийчоьнна 2021-чу шеран ГIадужу-беттан 2-гIачу дийне кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG