ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зудаберашкахьа гIо даьккхинчу оьрсашна герз диттина Абхазин вахархочо 


Ша шена маршо кхайкхийначу Абхазехь Оьрсийчуьрчу шина туристана чевнаш йина меттигерчу ресторанехь. Шайца цхьана йолчу шина йоIана меттигера вахархо кочаэха воьлча, цу шингахьа гIо даьккхина хиллера цара.

"Сайн доттагIца ресторанехь Iара тхо, иза (тIелеттарг) тхан стоьлана тIе а веана, тхоьца долчу зудаберех куьйгаш Iийтта вуьйлира. Оха дехар дира, дIагIахьара хьо аьлла. ТIаккха цхьахйолчу йоIана масийттазза туьйхира цо, тхо вовшах хьирчира. Цул тIаьхьа тапча хьала а яьккхина, тхуна тIе герз детта волавелира иза, ший а ботт яссош", - дIахьедина РБК агенталле лазийначех цхьаммо, Салимгариев Тимура. Ший а турист дарбан хIусамехь ву. Салимгариевс бахарехь, ялх чов йина цунна.

"Ший а ког аьтта сан, шозза операци а йина суна. Сан доттагI реанимацехь кхин а холчу хьолехь ву",- дийцина цо.

"Ресторан чохь хилла массо а дIасабевдира. Тхуна гIо деш чохь сецира тхоьца хилла ши йоI. Цул тIаьхьа тиларчу вахара со", - аьлла, тIетоьхна туристо.

Кху деношкахь ша шена маршо кхайкхийначу Абхазерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле дIахьедира, Пицундерчу "Самшитовая роща" пансионатан декъа тIерачу ресторанехь Лыхны эвларчу Пилия Дмитрийс герз деттарх. Кеп-кепарчу низамаш дохорца доьзначу гIуллакхашца масийттазза жоьпе озийна ву иза ишта. Карарчу заманчохь лаьцна Пилия.

Цуьнан карах чевнаш йинчарна Гагрехь лоьрийн гIо кхачийра, цул тIаьхьа Оьрсийчу кхин дIа дарба лелон дIабигира уьш.

Туристйин объекташкахь кхерамзалла латтор чIагIде аьлла, тIедиллира Абхазин президенто Бжания Аслана, полисхошца дIаяьхьначу кхеташонехь.

Ша-шена маршо кхайкхийначу Абхази республикехь пайдаоьцу топономи а, терминологи а хила тарло кху текстаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG