ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герз лелорца доьзна дехкарш малдина Америкерчу Техас штатехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Штато доьхур дац герз лелочу нахе лицензи хилар а, талламах чекхвалар а

Американ Техас штатан губернатора Эббот Грега тIе куьг таIийна, бакъо луш долу кехат а доцуш, биографи а ца толлуш бахархошна шайца герз лело бакъо луш долчу низамна. Цунах лаьцна хаам бо Американ Аз зорбан гIирсо.

Дийцарехь, Эббот дагахь ву къаьсттина и низам хьахо еарин дийнахь хир йолчу лерринчу церемонехь.

Кхушара Гезгмашин-беттан 1-хь дуьйна ницкъ болуш хир долчу низамах пайда эца аьтто хир бу луьра зулам дина чувоьллина воцучу а я герз эца кхин йолу юридикан новкъалонаш йоцучу муьлхха а вахархочуьнан.

Герз оьцуш цхьаболу федералан тIегIантIера талламаш бар дуьсуш ду, ткъа цхьайолчу компанийн бакъо ю шайн территорина тIехь герз лелор дехка.

Герз лело йолу бакъо уггар коьртачу маршонех цхьаъ лоруш ю Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. И бакъо д1аязйина ю мехкан конституцехь. Американ бахархошна герз хила деза аьлла шайгахь зуламхочух ша а, шен доьзал а ларбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG