ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь наркотикашца долчу хьолана Iедалхой бехкебина Нурмагомедовс


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

Дагестанехь наркотикаш яржор сацорах жоьпалла Iедалан коьртехь болчарна тIехь ду. Йоьдучу пресс-конференцехь дина оцу кепара дIахьедар UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба.

"Ишта муха нисло хууш вац со, Оьрсийчуьра уггар а йорах наркотикаш Дагестанехь хуьлу. Цхьана наха хьекъалца беш болх бу и аьлла хета суна, уггар а йорахниш юкъа а йохуш: буц, молханаш, туьха", - дIахьедина Нурмагомедовс, цхьахволчо деллачу хаттарна жоп луш.

Цунна хетарехь, Iедалхоша листа езаш проблема ю иза. Латархо тешна ву, Iедалхошна лууш делхьара йохка магош йоцу хIуманаш республике чу кхоьхьур яцара "цхьана дийнахь" аьлла.

"Ясакх дика схьалахьайо цара, бакъ дуй иза? Ткъа наркотикаш совца ца ло", - билгалдаьккхина дагестанхойн чемпионо.

Хьаькамаш арабевлла ца Iаш, шайн берашна тIехь "тоталан контроль" а латтош, доьзалш а цхьана гIовтта беза и проблема ерзон аьлла цо. КхозлагIа аьлча, Нурмагомедов дIа ма хьедарра, наркотикаш -зулам хиларх кхетон беза юкъараллан лидерша.

32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. UFC-хь 2012-чу шарахь дуьйна вара иза, цигахь 13-зза тоьлла иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG