Джо Байденан администрацин аьллто ца баьлла, Туркойчоьнца барт бан, цо НАТО-но шен кхерамазаллина кхерам лору Оьрсийчоьнан герзан система эца бинчу сацамца доьзначу хаттарехула.
Американ президентан къоман кхерамазаллехула волчу хьехамчо Салливан Джейка журналисташка дийцарехь, хIокху кIиранах НАТО-н штаб-хIусамехь хиллачу дагадовларшкахь, Байдена а, Туркойчоьнан президента Эрдогана а дийцаре дира 20I7-чу шарахь масийтта миллиард долларна Оьрсийчоьнца дина махбар.
Стохка ГIуран-баттахь Трампан администрацино санкцеш кхайкхийра Туркойчоьнна дуьхьал, С-400 олу ракетийн система эцарна жоп луш, наггахь а бен хуьлуш доцу бертахошна юкъахь барт эгIар а оьккхуьйтуш.
"С-400 тема йийцаре йира. Оцу хаттаран сацам ца карийра. АгIонаш барт бира С-400 хьокъехь дагадовларш дIадахьа", – элира Салливана, Байденан администраце кхиндIа комментареш ялур ю, Вашингтонеа а, Анкарано а кхин а дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа, аьлла тIе а тухуш.