ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса коронавирусах 24 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 334


Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 24 пациент, цомгуш хилла кхин а 334.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 11 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 6, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша стаг велла, ГIалмакхойчохь а - цхьаъ.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 938 стаг.

Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а.

Краснодар-мохк + 109 (50 225 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 67 (55 915)
Дагестан + 61 (34 532)
ГIалмкхойчоь + 23 (21 150)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 17 (24 574)
Кхарачой-Чергазийчоь + 14 (20 669)
ГIалгIайчоь + 11 (15 976)
Адыгей + 9 (14 823)
Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (17 154)
Нохчийчоь + 14 (12 487)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 267 502 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 281 309* .

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG