ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн зударех бинчу талламна "Грозный" телеканало чуелла иск листа реза ца хилла кхел


Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Кадырова Медни а

Оьрсийчоьнан "Проект" интернет-гIирсана дуьхьал пачхьалкхан "Грозный" телеканало чуелла хилла иск юхахьажийна Нохчийчуьрчу арбитражан кхело. Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан зударех лаьцна шаьш бечу талламехь шайн хаамаш юкъара журналисташа йоцца кийсиг эцарна латкъам бинера цара.

Динчу дIахьедарехь телехьожийло 20 эзар сом тIедожадар хьехнера "Проектна", шайн интеллектуалан бакъонаш йохорах дIа а хаийтина. Иск талла дуьхьало йина кхелахоша, кхачо йоллу документаш шайга дIа ца кхачорна.

Карладоккху, Охан-беттан 7-чохь арабелира "Проектехь" Кадыровн зударийн бахамах болу таллам. Талламан авторша бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун шина зудчун – Кадырова Меднин а, Хазуева Фатимин а – долахь ю Москварчу тоьлла ларалучу меттехь 800 миллион сом мах болу хIусамаш. Соьлжа-ГIалахь и информаци цхьана а кепехь яц официало йийцаре еш. Кремлехь а ца делла журналисташна цара динчу хаттарна жоп.

Москвахь, премиум-классерчу хIусамийн "Соколиное гнездо" комплексехь Нохчийчоьанан куьйгалхочун уллерчу гергарчийн петарш хиларх лаьцна дийцира хьалхо журналисташа а.

2018-гIа шо доьрзуш Кадыровс хIоттийначу декларацино бахарехь, оцу шарахь цо даьккхина ахча дацара 7,58 миллион сом бен, ткъа рогIерчу 2019-чу шарахь цуьнан хьал дебна 20-зза – кхаьчна 147, 9 миллон соьме.

Instagram машанерчу "Проект" интернет-газетан аккаунтана "веллачу ден" статус хIоттийра (пайдаэцархо велча хIоттош хуьлу иза). Оцу бахьаница журналисташ 24 сахьтехь Iийнера шайн агIоне керла посташ ца хIитталуш. Иза цара дузу шаьш Нохчийчоьнан зударийн бахамах лаьцна дукха хан йоццуш арахецначу талламца. И материал араяьллачул тIаьхьа хаамийн гIирсан сайтанна маситтазза дина ddos-тIелатар. Оццу талламан хьокъехь пачхьалкхан "Грозный" телеканало дина арз бухе а хIоттош, дIакъевлира "Проектан" видео-агIо YouTube видеохостинго а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG