ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополерчу кхиазхочо гечдар дехна Кадыровга


Нохчийн инстаграм-паблико ролик зорбане яьккхина, Ставрополерчу кхиазхочо Нохчийчоьнан куьйгалхо къинтIера воккхуш, ша иза сийсазварна, яздо "Кавказский узел" интернет-ресурсо. Социалан машанашкарчу дуккхаъчарна ца тайна, видео дIаязъечо гечдар дехначул тIаьхьа кхиазхочунна масийтазза тохар. 244 эзар стаг буха язвеллачу chp.chechenya инстаграм-паблико шоьтан дийнахь Iораяьккхина и видео.

"Тахана, Мангал-беттан 16-гIа ду. Со Ставроплан кIоштахь веха Шемал ву. Дукха хан йоццуш Кадыровн эфирна бухахь цунна товш доцу дешнаш яздинера ас. Шена со карор ву аьллера цо. Харц аккаунтера язйинашшехь, со гучуваьлла. Айса аьллачунна дохковаьлла со. Со ду шайтIа а, кIилло а, я адам а дац со. Рамзан Ахматович, къинтIера...", - аьллачохь хеда цуьнан къамел, видео дIаязъеш волчо масийттаза туху цунна.

Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула кест-кеста доьхуьйту мехкан куьйгалхочуьнга къинтIеравалар. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.

Хьалхо дийцина ма хиллара, республикал арахьа йолчу нохчийн диаспорашкахь нах бу, Нохчийчоьнан куьйгалхошна а, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а хIуманаш дийцарна дуьхьало ян декхарелахь бина.

Стигалкъекъа-баттахь Пермь гIаларчу кхиазхочо Кадыров Рамзане дийхира шена цунах ша "шайтIа" аларна къинтIеравалар. "Къурд" олуш яьккхина видео ю нохчийн инстарам-каналашкахула лелаш.

Хьалхо Тик-Токехь жимчу стага видео яржийра Москвана гергахь вехачу шен нийсархочун-дагестанхочун, деношкахь гергарчара Кадыровга къинтIеравалар дехначу кIентан агIолоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG