ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах 26 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 358


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусах 26 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 358

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 26 пациент, цомгуш хилла кхин а 358.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 12 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 6, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а, Адыгейхь а - шишша, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а - цхьацца.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 964 стаг.

Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь а.

Краснодар-мохк + 111 (50 336 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 72 (55 987)
Дагестан + 65 (34 597)
ГIалмкхойчоь + 25 (21 175)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 20 (24 594)
Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (20 682)
ГIалгIайчоь + 12 (15 988)
Адыгей + 14 (14 837)
Къилбаседа ХIирийчоь + 10 (17 164)
Нохчийчоь + 16 (12 503)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 267 860 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 299 215*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG