ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат Мараков Сергей кхиндIа а чохь вуьтуьш ву


Наручники

Адвоката аьлларг тешош ца хеттачу Соьлжа-ГIаларчу кхело лаьцна витина 72 шо долу адвокат Мараков Сергей, амма бух ца карийна шина баттана бен хан дIаяхъян. КарабогIучу беттан 15-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш сацам тIеэцна кхелахоша.

Адвоката Кариева Жаннас билгалдаккхарехь, Мараков лаьцна ах шо хан ю. Иза тешна ю, наркотикаш цунна тийсина хиларх, ша вехачу хIусамна гергахь иза суьйранна волавала дагахь иза араваьллачу заманчохь. Бехктакхаман гIуллакх а бух боцуш ду, и гIуллакх листина дерзорхьама талламчаша деш хIума а дац аьлла, тешна ю адвокат.

"Гуш ду, тIаьххьарчу шина баттахь пIелг пIелгах тоьхна а, талламчаша оцу гIуллакхна тIехула дIабаьхьна барамаш цахилар. Оцу юкъанна, 72 шо долу цамгаршца волу Мараков набахтехь вуьтуш вук", - аьлла, дийцина "Кавказский узел" ресурсе резайоцучу Кариева Жаннас.

Мараков лецира ГIуран-беттан 8-чохь. Бахьана яздинера полицино «жимма хулиганалла» лелор. Цунна тоьхна 10 де-буьйса чекхдаьлча, иза бехке вира нароктикаш лелорна.

Мараковн версица, ГIуран-беттан 8-чохь иза цIенна хьалха сацийна могIарчу духарахь хиллачу кхаа стага, дIавигина полице, цигахь бухакхоьссина наркотик.

Юьхьанца Мараков лахарчу кхело кхачийра лаьцна цIахь латтор, амма Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело хийцира и кеп, лаьцна латто сацам арабаьккхира.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG