ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газето" дийцина, Оьрсийчуьрчу лоьраша ковидна дуьхьал йолу вакцина къайлах хийцарх


"Новая газетано" хаам барехь, коронавирусан уьнна дуьхьал бахархошна иммунизаци ечу заманчохь Оьрсийчоьнан лоьраша препараташ хаддаза хуьйцуш ю аьлла. Оьрсийн Свобода Радионо яздо церан хаамашна тIетевжина.

Оьрсийчоьнан регионашкахь масийттазза меттигаш хаабелла газетана, пациенташа цхьа прапарат къастийча, лоьраша кхечуьнца, Новосибирскерчу "Вектор" центро кечйинчу "Эпиваккоронех" пайдаоьцуш.

"Новая газетано" Iораяьхначу меттигашкахь, шайна "Спутник V" препаратца прививка йо аьлла, хетачу пациенташна къайлах, Оьрсийчоьнан кхозлагIа, Чумаковн цIархчу Iилманан центран белхахоша кечйина "КовиВак" етташ хилла.

Цхьацца меттигашкахь, бахархой вакцина хицийта реза ца хилча, цаьрга дIахьедеш хилла, лоьрийн гIалат ду олий я оцу шина препаратна юкъахь цхьана а кепара башхалла яц олий.

Баккъал аьлча, "Спутник" кхоьллинчара бен оцу вакцинех лаьцна хаамаш бовзийтина бац дуьненаюкъарчу рецензеш арахоьцучу гIирсехь, ткъа важа ши препарат эвсара хиларх лаьцна хIинцца бен хаамаш гулбеш а бац.

Оьрсийчохь а, Туркменехь а бен регистраци йина яц
"Эпиваккорона" вакцина. Цуьнан клиникан зерех чекхбевллачу декъашхоша латкъамаш бо йозуш йоцучу лабараторешкахь шайца иммуноглобулинаш хаа ца ло бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG