ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2020-чу шарахь къаьсттина дукха нах белла са деIарца долчу лазарех


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Са деIарца долчу лазарех Нохчийчохь карарчу шарахь велларг ву 1 300 стаг (674%), 2019-чу шарахь бара уьш - 168. Дахначу шарахь Росстато хIиттийначу зерашца, пачхьалкхан регионашлахь тIех лекхара ду и терахь. Оцу юкъанна, официалан версица, Нохчийчохь коронавирусах велларг ву 145 стаг ву.

Белларш дукха хиларца Къилбаседа Кавказехь шолгIа хааелларг ю - Къилбаседа -ХIирийчоь. Цигахь садеIарца долчу лазарех беллачийн терахь 300 процент ду. Официалехь дIахьедарца, махкахь коронавирусан уьнах кхелхина 224 стаг.

Зорбане даьккхинчу рапортехь билгалдаккхарца, йоллу Оьрсийчохь коронавирусан пандемица цхьана иттаннашкахь эзарнашкахь нах белла пневмоних а, деган лазарех а, къаналлех а - и доллу терахьаш COVID-19 вирусах беллачийн статистикана юкъахь дац.

2020-чу шарахь гIеметтахIоьттинчу бахархошлахь, 70 шарера 74 шаре кхаччалц болчу нахалахь са лаьцна белларш шозза сов бу. Коронавирусах аьлла, йина билгало яц церна. Кхозза совдаьлла даге лазарш лилхина беллачу нехан терахь, яздо "Медиазонас", Росстатна тIетевжина.

Iедалхойн хаамашца, тIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 25 дархо, вирус къаьстина кхин а 377 стагаца. Пандеми йолаелчхьана регионехь кхелхина COVID-19 вирусах 10 989 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG