ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо бутт цIахь баьккхинчул тIаьхьа Америке юхавахна Оьрсийчоьнан векал


Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь волу Оьрсийчоьнан векал Антонов Анатолий Нью-Йоркерчу аэропортехь
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь волу Оьрсийчоьнан векал Антонов Анатолий Нью-Йоркерчу аэропортехь

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь волу Оьрсийчоьнан векал Антонов Анатолий Нью-Йорке юхавеъна кхо бутт гергга Москвахь баьккхинчул тIаьхьа. Цунах лаьцна хаам бо "Карара хан" телеканало, ТАСС агенталлана тIе а тевжаш.

Векало дIахьедина, Американ президентан къоман кхерамазаллехула волчу гIоьнчо Салливан Джейка Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кечйеш хиларх лаьцна аьлларг "шаьш сатийсина сигнал яцара" аьлла.

"Суна хетарехь, пачхьакхийн юкъаметтигаш тойойла дац санкцеш юкъаяхарехула", - аьлла векало.

Хьалхо хаамаш баьржира Американ президентан Джо Байденан администраци керлачу санкцийн пакет кечйеш ю Оьрсийчуьра оппозиционерана Навальный Алексейна дIовш далар бахьана долуш, аьлла.

Цул тIаьхьа, Американ президентан къоман кхерамазаллехула волчу гIоьнчо Салливан Джейка дийцарехь, Цхьаьнатоьхначу Шататаша кхин цхьа санкцийн пакет кечйийр ю химин герз хьокъехь.

Манагал-беттан 16-хь Женевехь цхьаьнакхеттачу Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира а, Американ президента Джо Байдена а барт бира шина пачхьалкхийн векалш шаьшшина белхан меттигашка юхавахийтар хькъехь, масийтта бутт цIахь баьккхинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG