ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодар: совгIатанна лучу ахчанех бохур бу коронавирус кхетта даржхой


Вакцинаци йина а боцуш, коронавирус лацахь, болх дика барна баттахь а, шарахь а лучу ахчанах бохур бу коронавирус лаьцна Краснодаран администрацера даржхой. Иштта ду кIироанах цкъа хуьлучу аппаратан кхеташонехь гIалин мэра Первышов Евгенийс дина дIахьедар, яздо "Коммерсантъ" газето.

"Вай массо а герггарчу контактехь болх беш ду адамашца, цундела администрацин белхахочо ун нахера лаьцна ца Iаш, ша даржо а тарло. Роспотребнадзоро а, оперативан штабо цкъачунна декхаре ца бо куьйгалхой вакцинаци йина хила, дуккха а регионашкахь иза хIинцале а деш хилар вайна гуш делахь а. Ваьшна къастор ду вай: нагахь санна шуьца коронавирус хаалахь, и хьакхаелларг вакцинаци яйтина вацахь, цунна лур дац вай беттан преми, шо дирзича луш долу ахча а. Деккъа алапна тIехь веха рву иза", - дIахьедина Краснодаран мэро.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо далочу терахьашца, Краснодар махкахь вакцинаци йина лаххара а 700 эзар стагна – бахархойх 12% ю иза.

  • Хьалхо Краснодар-мехкан куьйгалло дIахьедира, вакцина ян балхахь болу нах, бисина бахархой а ша тIетеIор бац, аьлла.
  • Таханенна вакцинация н балхахь болу нах декахре бен меттигаш ю Москва, гонахара мохк, Якути, Сахалин, Красноярск-мохк, Кузбасс.
  • Нохчийчохь яьржина лела парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмада озах терайолу аудио. Вакцмна тохийта дуьхьалболчу нахана хинболу эшамаш бовзуьйту цо. Соьлжа-ГIалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада вакцина тохийтарехьа агитация н кхойкху Iеламнах а, полици а. Ткъа мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана баккхий эшамаш хир бу вакцинаци яйта цалуучарна, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG