ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 23 стаг. Цомгуш хилла кхин а 398


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 22 пациент, цомгуш хилла ву кхин а 398.

Iедалан статистико гайтарехь, Краснодар-махкахь COVID-19 кхетта 12 стаг кхелхина, Адыгейхь – кхоъ, Ставропол-махкахь а, ГIалмакхойчохь а – шишша, ГIеберта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а – цхьацца.

Къилбаседа Кавказехь берриг а пандемин муьрехь уьнах велла 11 011 стаг. Краснодар-мохк бу уггаре дукха нах коронавирусах белла, массанхьачул лахара ду и терахь ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а.

  • Краснодар-мохк + 113 (50 565 пандемин еррг хенахь)
  • Ставропол-мохк + 81 (56 145)
  • Дагестан + 80 (34 745)
  • ГIалмаккхойчоь + 29 (21 231)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 25 (24 641)
  • Нохчийчоь + 17 (12 535)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 16 (20 713)
  • Адыгей + 15 (14 868)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 11 (17 186)
  • ГIалгIайчоь + 11 (16 009)

268 635 стаг ву Къилбаседа Кавказехь ерриг а хенахь, статисташа бахарехь, COVID-19 кхеттарг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь кхаьчна 5 334 204-нне*

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG