ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арахь токху хан тоьхна Краснодар-махкарчу ИК-9 набахтин белхахочунна


Апшеронан кIоштан кхело сацам кхайкхийна ИК-9 набахтин белхахо лаьттинчунна дуьхьал, хаам бина кIоштан администрацино шен официалан сайта тIехь. Иза бехкевина, низам а дохош, алссамчу барамехь наркотик лелорна.

Талламна цуьнгахь карийна хилла 3 кийла марихуана. Оцу бахьаница кхело диъ шо хан кхайкхийна цунна, амма и хан а цIахь-арахь токхур йолуш.

  • Лермонтов гIаларчу кхело оццул а, оцу кепара а хан туьйхира къола дарх шеко йолуш лаьцначунна еттарна.
  • Оццу хенахь 7,5 шо хан набахтехь такха тоьхна Краснодар-махкарчу 63 шо долчу Ившин Александрна иза магош йоцчу " Иегован Тешаш" сектин дакъашхо хиларна. Талламо бахарехь, Ившина видеозIенехула шен накъосташца дийцаредина Библи.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG