ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждигашка, килсашка лела дихкина Дагестанехь


Дагестанерчу Роспотребнадзоран урхаллин куьйгалхочо Павлов Николайс, махкахь коронавирус марсайолуш хиларца а дузуш, омра арахецна алссам адамаш гуллучу меттигашка, уггаре хьалха маьждигашка а, килсашка нахана бахар доьхкуш.

"Далла гIуллакх деш пайдаэца интернетехула ечу онлайн-трансляцех, кхечу дистанционан кепех", – боху Роспотребнадзоран сайте хIоттийначу омрано.

Урхалло декхаре бо динан ламасташ дIахьош болу Iеламчаш хIора дийнахь коронавирусан тестех чекхбийла а, дIахьочу динан барамашка богIучу нехан могIарш ма-хуьллу гатбан а.

  • Краснодарерчу мэрино шен белхахошна премеш хуьлуьйтур яц, нагахь санна уьш вакцина тоьхна а боцуш, цомгуш хилла меттиг ягIахь, аьлла цигарчу мэро Первышов Евгенийс.
  • Коронавирус марсаяларца доьзна Ставропол-махкахь дихкина алссам адам гуллуш болу барамаш дIабахьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG