Москалькова, ницкъаша вакцинаци яйтарх лаьцна: "Харц ловзарш ду уьш"
Оьрсийчохь адамийн бакъонашна тIехьажа векал йинчу Москалькова Татьянига дуккха а аьрзнаш кхочу COVID-19 уьнна дуьхьал мехий цадеттийтинчу нахера, шайна ен дискриминаци елхош. Оцу хьокъехь омбудсмено дIахьедина "Вести FM" радиостанцин эфирехь.
Нах лаамза вакцинаци ян тIетеIоро оьшIазалла гIаттайо, нах карзахбоху, аьлла хета Москалькована. Масал далош, цо дийцира "Норильский никель" компанехь белхахошка, цара мехий ца деттийтахь "аьхка мукъаденош хуьлийла а, бутт бирзича совгIатна ахча луш хуьлийла а дицде" аьлла хиларх лаьцна. "И тайпа хаамаш дукха бу: дIавоккхур ву, премеш лур яц, бохушден аьрзнаш", - дийцина Москальковас.
Омбудсменна гарехь, вакцинаци яр оьцуш делахь а, оцу кепехь, ницкъаша яйтар - "иза харц ловзарш ду, харц акци ю". "Ткъа уггаре коьртаниг – стенна оьшу, цкъа цомгуш а хилла, дегI вирусна дуьхьало ян дахчаделла а хилча, я шеца йолчу цамгаро вакцина тоха ца магош хилча, стаг ницкъаша тIетеIо?" — аьлла Оьрсийчоьхь адамийн бакъонашна тIехьажа векал йинчу Москалькова Татьянас.
Цо бахарехь, адамашка, кхерамаш а туьйсуш, вакцинаци яйта гIертар церан бакъонаш талхор ду.
COVID-19 цамгар марсаяла йолаярца доьзна Оьрсийчоьнан цхьайолчу регионашкахь дехкарш чIагIдеш ду. Вакцинаци яйта декхаребина бахархой Москвахь, цунна гонаха, Санкт-Петербургехь, Ненцойн автономин гонехь, Ленинградан, Сахалинан, Тулан, Тверан мехкашкахь, Краснодаран мехкашкахь, Якутехь, Кузбассехь.
Оцу юкъанна Кремло дIахьедина, Оьрсийчохь вакцинация н нах тIетеIош бац, аьлла.