ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламаш дарца Нохчийчоь массо а регионел хьалха ю


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло зорбане яьккхина кхушеран Дечкен-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц йолу зуламийн статистика. Регистрацехь долчу зуламийн лидер ю Нохчийчоь – стохкалерчу оццу хенаца дуьстича, дина зуламаш совдевлла 41,2%.

Кхиина зуламаш дар Петербургехь а – 35,2%, ГIалгIайчохь а – 27,5%. Зуламийн дукхаллица билгалъяллачу 10 регионийн декъахь бу Къилбаседа Кавказера кхин а кхо мохк – Дагестан, Адыгей, Къилбаседа ХIирийчоь.

Ерриг Оьрсийчохь шо доладелчхьана регистраци ярца тидамеэцна зулам ду 845 эзар гергга, стохкалерчу муьрца дуьстича 1,6% сов. Зуламаш дар лакхадаьлла пачхьалкхан 44 регионехь, лахделла – 41-хьа.

  • Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин дIахьедаро гайтарца, зуламаш цIеххьана алсамделлачу регионашлахь яра кхушеран хьалхарчу шина беттан статистикехь Нохчийчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а.
  • Нохчийчуьрчу Iедалхоша кест-кеста дIахьедо, "Нохчийчоь – кхерамзалла уггаре лакхара йолу мохк бу", олий.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG